Нохчийн меттан 2023-г1а шо даздарна лерина, гимназин планаца йог1уш йолуш, оханан беттан 19-чу дийнахь С.В.Михалковн ц1арах йолчу Республикин берийн библиотекехь д1айаьхьира брейн-ринг «Хаарийн аре».

20.04.2023

Нохчийн меттан 2023-г1а шо даздарна лерина, гимназин планаца йог1уш йолуш, оханан беттан 19-чу дийнахь С.В.Михалковн ц1арах йолчу Республикин берийн библиотекехь д1айаьхьира брейн-ринг «Хаарийн аре». Цигахь дакъалоцуш бара Соьлжа-Г1алин школийн 5-7 классан дешархой.📌

✨Нохчийн мотт ларбарехь, кхиорехь, марзбарехь мехала г1улч йу иза. Нохчийн къоман г1араваьлла йаздархочо Сулейманов Ахьмада ма-аллара: «Кхо х1ума дуьненчохь даим цхьаьна хила дезаш, вовшех даьхча кхуьй а леш: Даймохкий, ненан моттий, халкъий». Цундела ненан меттан жовх1арийн хазна 1алашйарехь дакъа лаца деза х1ораммо а.💫

✨Тхан гимназин «Барт» тобано 1-ра меттиг йаьккхира.

✨Иштта нохчийн меттан, литературин хьехархочун Исаков Новрдин Бирлантана Сийдолу Грамотца совг1ат дира, дешархой кечбарна а, мероприятешкахь хаддаза дакъалацарна а.🤗