НОХЧИЙН МАТТАХ-НОХЧИЙН МАТТАХЬ» Ц1Е ЙОЛУ ГОРГА СТОЛ Д1АЙАЬХЬИРА СОЬЛЖА-Г1АЛИН ЛОЬМАР 5 ЙОЛЧУ ГИМНАЗЕХЬ.

02.02.2023

Соьлжа-г1алин Мэрин дешаран Департаментан планаца йог1уш йолуш лоьмар 5 йолчу гимназехь д1айаьхьира «Нохчийн маттах-нохчийн маттахь» ц1е йолу горга стол. Вовшахкхетаран коьрта 1алашо йара дешар т1ехь тидам керлачу нийсайаздаран бакъонашна т1ебахийтар.

Вовшахкхетар д1адолош нохчийн меттан методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо, лоьмар 5 йолчу гимназин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Исакова Бирланта «Керлачу нийсайазйаран бакъонашца нохчийн мотт хьехаран, кхиоран хьелаш» доклад йийшира. Х1ора хьехархочо цу хьокъехь лелийча пайдехь хир йолу методика йовзийтира, хьехархоша и тема йийцаре а йира.

Шолг1а дош ийцира «Кхетош-кхиорехь ненан матто д1алоцу меттиг» ц1е йолчу докладаца Нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин куьйхалгочо Бергоева Айзана. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира х1ора урокехь бераш кхетош-кхиорехь хьехархоша жимма хан йайъа йезаш хилар.

«Нохчийн литературин урокашкахь дешархой кхетош-кхиорехь г1иллакх-оьздангаллех лаьцна произведенеш йовзийтар» темина доклад йийшира Хасаров Рамзана, лоьмар 54 йолчу ишколера нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо.

Рог1ера дош ийцира Магамадова Резидас, 18-чу ишколера нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо. Цо йийшира «Нохчийн мотт – нохчийн синмехаллин бух» аьлла темина доклад.

«Нохчийн мотт хьехаран электронни ресурс» темина доклад йийшира Джамиева Сахабата. Шен къамелехь цо «desharkho.ru» сайт хьахийра, цуьнан мехалла а йийцира.

«Нохчийн мотт кхиорехь, ларбарехь поэзино д1алоцу меттигах» лаьцна дийцира Саралиева Хедас, лоьмар 8 йолчу ишколин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо.

«Къоман седарчий» проекто кхетош-кхиорехь д1алоцу меттигах лаьцна дийцира Эдилсултанов Муслима. 25-чу ишколан хьехархочо билгалдаьккхира т1екхуьучу чкъуран доккха ни1мат долуш хилар и проект.

Чаккхенехь лоьмар 13 йолу ишколан нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Нинигов Мурада вовшахкхетчарна дийцира «Ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларехь кхачамбацарш» хиларх лаьцна. Хьехархочо йуха а тидам т1ебахийтира урокашкахь керла нийсайаздаран бакъонаш ларйарна.

Цул т1аьхьа «хаттар-жоп» форматехь дискусси хилира.

Горга стоьлан чаккхенехь резолюци т1елецира:✔️ 5-чу классехь ц1ердешнийн дожарш 1аморна тидам т1ебахийтар. 8-9-чу классашкахь синтаксисан курс йолуш дешнийн диктантаца дожарш, легарш карладахар.✔️ Дешархойн матте болу безам кхоллар.✔️ Дешархошна вайн къоман оьзда г1иллакхаш довзийтар. ✔️ «desharkho.ru» сайтах пайдаэцар. Цу т1ехь беш болу болх жигарбаккхар. ✔️ Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонашна т1ехь болх алсамбаккхар.