"Нохчийн мотт!"

25.04.2022

5-чу гимназин 6 классашкара дешархоша дакъалецира Российски 1илманан академин 1илма талларан институто д1ахьучу «Нохчийн меттан денна» леринчу мероприятехь. Дешархоша дешаран хьелаш довзийтина ца 1аш, йийшира нохчийн классикийн поэзин произведенеш. Церан аьтто хилира 1илманчаш бовза а, цаьрга хаттарш дала а. Дешархошна совг1атна йелира г1арабевллачу йаздархойн исбаьхьаллин литература. Баркаллин кехатца декъалйира нохчийн меттан, литературин хьехархо Исаков Наврдин Бирлант. Нохчийн мотт ларбар, цуьнан сий-пусар дар – иза нохчийн г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларъяр ду. И мотт буьйцуш, цуьнан дозалла деш б1ешерашкахь баьхначу нохчийн 1илманчийн, яздархойн, политикийн, динан дайн, къанойн сий-пусар дан деза.