«Дала делла совг1ат - къамел» («Наш дар бесценный - речь»).
23.04.20225-чу гимназин 6 классашкара дешархоша дакъалецира Нохчийн Республикин берийн С. В. Михалков ц1арах йолчу библиотекехь д1ахьучу викторинехь «Дала делла совг1ат - къамел» («Наш дар бесценный - речь»). Къовсамехь 1 меттиг йаьккхира 5-чу гимназин «Седарчий» тобано. Ненан мотт — буьйцучу маттаций бен цхьа а хӀума дийца йиш яц вайн. Историх, арифметиках, литературах, грамматиках, физиках — доцца аьлча, цхьана а хӀуманах лаьцна хӀумма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Массо а стаг, муьлхха а къомах и велахь а, шен ненан маттаца кхуьу. Мотт а, къам а цхьаьна доьзна ду, х1унда аьлча къам ца хилча мотт а хир бац, ткъа шен мотт боцург къам хир дац. Дешархой кечбина Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархочо Исаков Наврдин Бирланта.