«Ненан мотт - кьоман кхане»
23.04.202225 апрель, Нохчийн меттан деза Де ду аьлла, билгалдаьккхина ду. Оцу 1алашонца, Соьлжа-Г1алин Мэрин дешаран Департаментан белхахоша 2022-чу шеран оханан беттан 21-чу дийнахь лоьмар 14 йолчу гимназехь д1айаьхьира «Ненан мотт - кьоман кхане» темина лерина горга стол. Горгачу стоьлан балхьахь коьрта хьаша вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденан Кавалер, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а Министр Дааев Буарин Хож-Бауди, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а, Министертсвон а, Соьлжа-Г1алин Мэрин а, дешаран Департаментан а, А.А. Кадыровн ц1арах йолчу Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Нохчийн пачхьалкхан педагогийн университетан а, Нохчийн меттан институтан а векалш, Соьлжа-Г1алин юкъардешаран хьукматашкара хьехархой. Горга стол схьайоьллуш маршаллин дашца вистхилира Соьлжа-Г1алин Мэран заместитель, дешаран Департаментан куьйгалхо Ахматов Мовлин Зелимха. Цо билгалдаьккхира, х1ора шарахь Нохчийн меттан Де даздаран коьрта 1алашо ненан меттан хазна йовзийтар, вайн тӏекхуьучу кегийрхойн ненан матте болу безам кхиор а, царна маттаца доьзна долу гIиллакхаш довзийтар а хилар. Нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Исаков Наврдин Бирланта дакъалецира Соьлжа-Г1алин Мэрин дешаран департаментан «Ненан мотт-къоман кхане» горгачу стоьлан балхахь. Цо йовзийтира «Нохчийн меттан а, литературин а урокашкахь функцин говзалла кхиор». Дешаран декхар кхочушдарехь нохчийн меттан, литературин урокаша дIалоцу коьрта меттиг. Ненан маттахь ечу ойлано Iамочух кхета гloдо берашна. Исбаьхьаллин произведенийн мотт Iаморо аьтто бо, дешархошна исбаьхьаллин дешнашца кхелина мотт караберзо. Цо билгалйоккхуш ю цуьнан мехалла нохчийн литературин, нохчийн меттан герггара уьйраш тосуш Iамор.