«Бовза, беза ненан мотт»

21.04.2022

5-чу гимназин 6 классашкара дешархоша дакъалецира Нохчийн Республикин берийн С. В. Михалков ц1арах йолчу библиотекехь д1ахьучу тоьлла йешархо къовсадаларехь «Бовза, беза ненан мотт». «Ненан мотт – иза халкъан йуьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. ХIора нохчи, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт Iамош а, хууш а хила веза. Iамадейша дуьненан дерриге а меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а Iамабай, оцу маттахь йаздан а, деша а Iамадай...», – Айдамиров Абузаран дешнаш. Хьоста – иза цхьа шатайпа эсалчу озаца къамеле даьлла, лаьттах бухдуьйлу шийла шовда ду. Иштта дагах бухдуьйлу хьоста ду ненан мотт. Дешархоша йийшира нохчийн литературин г1арабевллачу классикийн исбаьхьа поэзи. Дипломашца билгалбехира, Тоьлла йешархой: меттиг - Солтамурадов Джалил, 6 "А" классан дешархо; меттиг – Духаева Санета, 6 "Б" классан дешархо; меттиг – Джунаидова Самира, 6 "А" классан дешархо. Говза йешархой: Заурбекова Медина, 6 "А" классан дешархо; Касаев Бекхан, 6 "В" классан дешархо. Дешархой кечбина Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархочо Исаков Наврдин Бирланта