«Нохчийн йаздархой машарехьа»
18.04.20225-чу гимназин 6 классашкара дешархоша дакъалецира Айдамиров Абузаран ц1арах йолу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь д1ахьучу «Нохчийн йаздархой машарехьа» мероприятехь, Нохчийн меттан дезчу денна лерина йолу. Оцу вовшахкхетарехь дешархоша ненан маттахь йийшира нохчийн классикийн поэзин говзарш. ТIекхуьучу тIаьхьенгахь патриотически дог-ойла г1аттош, ненан матте безам кхуллуш декара церан зевне аьзнаш. Маттаца дозаделла ду х1ора къоман г1иллакх-оьздангалла, психологи, дуьненан хьежамаш. Нохчийн маттаца ду вайн къоман доьналла, майралла, йу вайн историн лараш. Г1иллакх-оьздангалла шеца долуш стаг хилалур вац шен ненан мотт безаш, хууш вацахь! Дешархой кечбина Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархочо Исаков Наврдин Бирланта.